Алироев Ю. - Самоучитель чеченского языка Страница 22
- Категория: Фантастика и фэнтези / Альтернативная история
- Автор: Алироев Ю.
- Год выпуска: неизвестен
- ISBN: нет данных
- Издательство: неизвестно
- Страниц: 34
- Добавлено: 2018-12-04 08:08:53
Алироев Ю. - Самоучитель чеченского языка краткое содержание
Прочтите описание перед тем, как прочитать онлайн книгу «Алироев Ю. - Самоучитель чеченского языка» бесплатно полную версию:Алироев Ю. - Самоучитель чеченского языка читать онлайн бесплатно
Леррина дийшира Кутузовс лехат. Юьхьа тІера хебарш тІаьхь-тІаьхьа шарлора. Эххар а велакъежира иза. Хаза кхаъ бара кхаьчнарг. Кутузовн ойланаш чІагІйира кехато.
- Эрна вахийтина ца хилла Давыдов мостагІчун тыле. Боккхачу тІамехь бан а ала ду мостагІчунна ищтта бохамаш, Ткъа шен хІаллакьхилларщ дукха а бац.
- Суна хетарехь, хьан сийлалла, кхин а яхийта езара армейски частиш мостагІчун тыле.
- Цуьнан хьокъехь со ойланаш еш волу дукха хан ю. Оьшуш гІуллакх ду иза! Амма вайн кехаташ тІехь «партизанаш» алий дош ма хьахаделахь. Пет ерубргехь и муха дезалур ду, ала хаац, - кІорга садаьккхира Кутузовс. - Оьшуш хила-ран-м шеко яц. Гой хьуна, дохийна эскаран дакъош, йийсарди-на карабалийна, схьаяьхна ворданаш, тІехь хІоъ-молха а, юург а йолуш, Мел гіо хир дара мостагІчунна, и дІакхаьчнехь, вуьшта а мацалла хьоьгуш волчу цунна! Дуьйцийла яц, дика гІуллакх ду Давыдовс дІадолийнарг.
Юха а кезата тІе вуьйлира фельдмарщал. Жимма Іийна-а элира цо:
- ГІоьнчий а диканаш нисбелла цунна. Храповицкий, Темиров, Чеченский… Собардел, тохара даийтинчу рапорташ тІехь хьехош а вацара Чеченский?
- Вара, хьан сийлалла.
- Каде, майра ву бохуш, вуьйцу кху тІехь Чеченский. Мила ву хьовха иза?
Дежурни инарлас элира:
- Суна хетарехь, Раевскийс кхиийна кавказхо ву иза. Дуьйцуш хезна суна.
- Хила там бу. Вайн нана-махкана тІе кхерам хІоттарна, доллу къаьмнаш а гІевттина, ойланашка велира Кутузов. Юха а хьаьвззина тІеяхара уьш. Элира цо. - Нохчех-м вац и Чеченский?
- Ву боху хьан сийлалла. Долчунна даре дан деза, майрачу къомах ву иза, - элира дежурни инарлас. - Кхин цхьа масал а ду, нохчо Россина гІуллакх деш хиларан.
- Дийцал, дийцал, - гІентахь меттахъхьайра Кутузов, ладогІа кечлуш. Хилла долу, истори юкъа дахана хІуманаш дезаш, хаа лаьара цунна гуттар а.
- Дикка хьалха хилла иза. ХІинца дагадогІу суна, цхьанхьа-м дийшира ас. Тохара польско-литовски шляхтичаша, тІе а летта, Москва дІалацар, исторехь дуьйцуш, хьуна а, хьан сийлалла, хууш ду.
Корта тесира Кутузовс.
- ХІетахь мостагІчух Москва, Россия паргІатйоккхуш доккха гІуллакх дина Нижегородски думо. Цу хенахь цигахь вехаш хилла эла Черкассм/ІЙ Дмитрий Мамстрюкович1(1 М. Н. Загосткина шен «Юрий Милославский» цІе йолчу романа тІехь а, революци хилале хьалха ваьхначу историка М. С. Соловьевс а шен оцу романах лаьцна язбинчу балха тІехь а Черкасский Д. М - нохчо хилар яздо), нохчех схьаваьлла а волуш, Цуьнан цІенош чохь гулъелла хилла дума кхеташонна. Цу чохь цо аьлла боху: «Москва схьаяккха цавогІург, ямарт стаг а, шен халкъ, мохк мостагІчунна дІабелларг а ву». Ткъа цу чохь хиллачара массара а жоп делла: «ДогІу ихо», - аьлла. Октябрь баттахь 1612-чу шарахь Нижегородски ополченис Москва схьаяьккхира, Кремль чу уьш боьлхуш, коьртехь говрахь вогІуш эла Дмитрий Михайлович Пожарский хилла, цунна аьтту агІор говрахь вогІуш эла Черкасскй хилла, аьрру агІор ~ Минин. Ишта истори юкъа вахана-кх Черкасский Дмитрий Мамстрюкович.
- Ша винчу махкана санна, хьанал хилла иза Россина.
- Хилла те, Вайн Чеченский а ву ишта.
- ПаргІатехь и ган, юххера вовза хьожур ву со. Дикка самукъадаьккхи ахь сан, цхьана минотана мукъана, - даг тІе куьг диллира Кутузовс, - махкана тІе беана бала кхузара байбеш.
Дежурни инарла тамхилла жимма дІатийра. Ойланашка ваьлла Іара ший а. Тийналла эххар а йохийра дежурни инарлас:
- Хьан сийлалла, кхин мила вахийтича бакъахьа хета хьуна мостагІчо дІалецначу меттигашка?
- Инарла-майор Дорохов ма вара соьга доьхуш. И вахийта а мегар ду
Дежурни инарла араваьлча, бІаьргаш а хьаббина, ойланашка ваьлла Іийра Кутузов, и гиначунна наб еш ву а моьттур долуш.
ДІаделира масех де. Красни Пахре Кутузовга рапорт кхечира инарла-майорера Дороховгара: ялх эпсар а, ши бІе могІара салти а йийсаре валийна аьлла дара цу тІехь,
ТІаккха Петербурге паччахье кехар яздира Кутузовс, ша мостагІчун тыле эскаран дакъош дахийтар а, церан кхиамаш а буьйцуш. Паччахьана ца дезачу дашах «партизанех» ларлущ, яздира кехат.
Цунна дуьхьал я иза магош а, я доьхкуш а паччахьера жоп ца кхачарна, фельдмаршала кхин а къастийра мостагІчун тыле дахийта эскаран дакъош, коьртехь тІаьхьо гІарабевлла коман-дираш а болуш: Фигнер а, Сеславин а, Ефремов а, Черногубов а.
Ахархойн отрядаш шортта шайна тІе а ийзош, хІора дийнахь бІеннаш мостагІий юкъара бохура цара.
ХІора отрядана фельдмаршало ша къастийра район. Цигара дІасхьа ца бовлуш, тІелетара партизанаш мостагІчунна дийнахь а, буса а, Наполеонан когаш кІелхьара латта догура, Кхочу хаамаш синтем луш бацара.
ОьгІазъоьхура Наполеон. Цхьана а инструкцехь хьахош боцу тІом бара партизанаша болийнарг. Испанехь-м бара ца соцуш кху тайпана берг, делахь а цигарниг дицдинера Россис.
Дерриге а халкъ дара гІоттуш- Нуьцкъала яьккхинарг бен, мостагІчунна яахІума а, говрашна хІоъ-докъар а дацара. Ницкъана дуьхьал ницкъ баккха доладеллера оьрсийн халкъ. Зударий-м дера бара гІевттинчу отрядийн коьртехь.
- Къинхетам ма бе! Къинхетам ма бе! - бохуш, омраш дора Наполеона!
Хьанах бийр бара къинхетам, и бар доьхуш цхьа а ца хилча, схьалецначу гІаланашкахь, ярташкахь бухасоцуш цхьа а ца хилча?
Тамашийна къам ду!
Чеченский ган лаьа Кутузовна. Шайна тІедехкина коьрта декхарш цхьана а минотана диц ца деш, Денис Давыдов сeцийра оьрсийн эскаран коьртачу ницкъашна герга таIа. МостагІ, цхьа а порядок йоцуш, вухаволуш вара. ХІумма а тера дацара цуьнан вухавалар, тохара кІоргга ойла йина, кІезиг долчу хІуманан а гІайгІа бина Кутузовн вуха-валарх. БІаьрг мел кхетачохь Іохкура дІакхиссина гІудалкхаш, ворданаш, механа еза хІуманаш.
Мотиславски новкъа отряд яьлча, партизанаш гІадбахана хазахеташ бара. Дикка хан яьллачул тІаьхьа шайн эскарх дІакхийтира. Эшна доцчу, ткъа мелхо а толам баьккхинчу эс-карх! Шайн хьомечу махкара мостагІ къинхетам боцуш лоьх-куш, садаккха хан ца юьтуш, догІура иза. Европерчу пачхьал-кхашна, Наполеонан цхьа цІе яьккхича а, тоьура бего, боьхна дІасабаржа, мохо лаьллина кІур санна, тІепаза бІо бан, ХІинца иштта полководец хьалхаверзийнера.
Партизански отрядана чІогІа оьшуш дара авангардана хьалха хила йийсарех а, трофейни хІуманех а мукъаялар. Обозехь ши бІе сов бежана а дара, мостагІчуьнгара кху тІаьхьарчу дийнахь схьадаьккхина, Шайн эскарна жижиг чІогІа оьшур дара-кх, бохура партизанаша.
Гена доццуш лаьтташ инарла Раевскийн эскарш ду бохург хезнера Давыдовна, Шен метта отрядана тІехь подполковник Степан Храповицкий а витина, инарла шен гергара стаг хиларе терра, и ган ваха сацийра цо.
Говрахь тІевеара цунна Александр Чеченский.
- Хьо стенга ваха кечвелла?
- Кхуза гена воццуш, хьуна цІе тиллина, Николай Николаевич ву бохург хезнера суна. И ган ваха воллу.
- Со ца вуьгу ахь хьайца?
- Вайшиъ ший а отрядана тІера валар ца дезара суна. Хьо бухасецча дика хир дара.
- Дика ду ГІуо хІета, соьгара маршалла а ло.
Давыдов дІавахара.
Сарахь юьрта чу юьйлира отряд. Интенданташка дІаделира йийсарш а, даьккхина герз а. Къаьсттина чІогІа баркалла бехира жижигана бежнаш далорна.
Мохь дІабаьлла яйелла отряд Красни-юьртахьа новкъа елира. Смоленскана дехьа яра иза. Хаамаш кхаьчнера, вухаволуш волчу мостагІчо цигахь баккхий ницкъаш гулбо, бохуш. СадоІуш хан кІезга а йойуш, хьалхахьа дІаоьхура отряд.
ШолгІачу Іуьйранна шело хІоьттира- Ло а догІура. Цхьана юьртахь садоІуш отряд Іаш, тІаьхьакхиира Денис Давыдов. Сиха хеттарш динчу цунна хиира юьртахь лаьтташ инарла Дохтуров хилар. Иза Суворовца цхьаьна тІемаш бина, майраллина цІе яхана инарла вара. И ган ваха сацийра Давыдовс.
Хазахийтира къеначу инарлина, Денис веана.
- Воккхаве, чІогІа воккхаве со хьох. Хезна суна хьан хьуьнарш дуьйцу.
Инарла Іуьйранна хІума яа охьахаа воллуш вара. Цо щеца охьахаийра хьаша а.
И шиъ стоьл тІехь хІума юуш Іаш, говрахь казак кхечира. Инарлин адъютанта хаийтира, фельдмаршала ша волчу кхойкху Денисе, аьлла.
Хазахетта тохаделира Денисан дог. ХІума яар юкъах а дуьтуш, сиха хьала а гІаьттина, инарла Дохтуровга шена бехк цабиллар а дехна, аравелира иза. Циггахь бІаьрг кхийтира цуьнан новкъа говр хаьхкина вогІучу ротмистрах Чеченскийх.
ТІе ма-кхаччара говр юхауьйзира цо.
- Вайга сийлахьчу эло Кутузовс кхойкху! Храповицкий хьал-ха дІаваха, суна тІе хьох кхетар а диллина, - элира цо сиха, воккхавер лечкъа а ца луш.
- ХІинцца элира соьга, - хаийтира Давыдовс- Эццахь шена тІерачу бедарх бІаьрг кхийтира цуьнан- - Ванах, хІокху бар закъца цунна хьалхахІотта бегІийла ма дац… делахь а, и кхетар ву! ТІеюху бедар хоьржу зама яц хІара! Вало! - олуш. говра кхоссавелира Давыдов.
Жалоба
Напишите нам, и мы в срочном порядке примем меры.